Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Иштта боху парсихойн паччахь волчу Къуреша: стигалийн Дела волчу Везачу Эло дуьненан ерриг а пачхьалкхаш схьаелира суна, ткъа Цо тІедиллина суна, ЯхІуд-махкахь йолчу Ярушалаймехь Шена цІа де аьлла. Шуна юкъахь Везачу Элан халкъах мел болчаьрга Аса боху: шун Дела шуьца а хуьлийла, шу Ярушалайме а гІойла». Сийлаллехь болчеран сий а дойу Цо, ницкъ болчаьргара ницкъ а дІабоккху. ХІунда аьлча Со Веза Эла ву, хьан Дела. Хьан аьтту куьг схьа а лаьцна, Ас боху хьоьга: „Ма кхера, Ас хьуна гІо дийр ду“. Къуреш-паччахьах боху Ас: „Иза Сан Іу ву. Цо Сан лаам кхочушбийр бу. Ярушалаймах цо эр ду: ‘ЮхаметтахІоттае и гІала!’ Делан цІийнах эр ду цо: ‘Цуьнан бух дІахІоттабе!’“» Со Веза Эла ву, Со воцург, кхин дела вац. Ас хьуна ницкъ лур бу, хьуна Со вевзаш вацахь а. Къилбаседера къам Бавел-махкана тІегІертар ду, цунах яьсса аре а йина, дІа а хІоттош. Цигахь вехаш цхьа а хир вац: адамаш а, дийнаташ а цигара дІагІур ду». Везачу Эло боху: «Тур тоха хашадхошна! Тур тоха Бавелехь бехаш болчарна, церан баьччанашна а, хьекъалчашна а!
Выбор основного перевода