Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд шина кевнна юккъехь Іаш вара. Кевнан тхов тІе ваьллачу гІаролхочун ша цхьаъ волуш ведда вогІучу стагах бІаьрг кхийтира. Цо, мохь а тоьхна, паччахье хаам бира. Дауда элира: «Нагахь санна и стаг ша цхьаъ вогІуш велахь, иза хаамча ву». Ткъа важа улло кхаьчна вогІуш вара. ИзраІал-гІалин бІов тІехь лаьтташ гІарол вара. Цунна ЯхІуца йогІу эскаран арданг гира. Цо хаам бира: «ЙогІу цхьа арданг го суна», – аьлла. Йорама элира: «Цхьа бере а къаставой, иза царна дуьхьалвахийта, хаттар а дойтуш: „Машарца догІий шу?“» Яьссачу аренгахь йолчу массо а ерзинчу лакхенашкахула мостагІий схьабаьхкина, хІуманаш хІаллакьярхьама. Везачу Элан туьро нах дІакхоллу, мехкан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц. Цхьа а машарехь Іаш вац. Бавел-махка йийсаре дІабигначу хьайн къомах берш болчу а гІой, цара хьоьга ладогІахь а, ла ца догІахь а, цаьрга дІаала: „Иштта боху Хьалдолчу Дала!“» «ХІай, тур! Айалохьа Сан жаІуьнна тІе, Суна уллора волчу стагана тІе, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Нагахь санна жаІуьнна чов яхь, жа юкъара уьстагІий дІасадовдур ду. Ас Сайн куьг кІезиг болчарна дуьхьал хьажор ду.
Выбор основного перевода