Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло боху: «ЧІоггІа мохь хьакха, сеца ма сеца. Хьайн аз айде, коьман маІах тардеш. Сан халкъана цуьнан зуламаш а, Якъубан тІаьхьенна цуьнан къинош а дІахаийта. Цо элира: «Везачу Элан цІийнан керта дІа а хІоттий, Цуьнан цІенна уллохь Далла Іибадат дан баьхкина болчу а, ЯхІуд-махкарчу болчу а массо а нахе вистхила. «Адаман кІант! Ас Исраилан халкъан гІаролхо вина хьох. Соьгара болу хаам хьайна мосазза хези, Сан цІарах цаьрга дІахьедар дан деза ахьа. Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга иза дІаала деза, цу стаге, харц некъа тІера дІавала аьлла, дІахьедан а деза, цуьнга шен са кІелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цІийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду. Амма ахьа цуьнга дІахьедар динчул тІаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кІелхьардоккхур ду. Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тІера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дІахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гІуллакхаш Суна дагадогІур дац, ткъа цуьнан цІийх Ас хьоьга жоп доьхур ду. Нагахь ахьа бакъахьа лелачуьнга, къинош ма летаде аьлла, дІахьедахь, ткъа цо къинош а ца летадахь, иза билггал дийна вуьсур ву, хІунда аьлча цо тидам бира шега динчу дІахьедарх. Ткъа хьо хьайн са кІелхьардаьккхина хир ву». Цо элира цаьрга: «Делан цІийнан керта а гІой, нахана хІокху керлачу дахарх лаций дийца», – аьлла.
Выбор основного перевода