Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан коьртал а лакхадевлла аса летийна къинош, суна тІехь ма ду уьш, беза мохь санна. Тхан къинош Хьайна хьалха дехкина Ахь, оха къайлаха динарг Хьайн нуьре даьккхина Ахь. Хьан оьгІазалла тІехь а йолуш, чекхдевлла тхан денош. Іаь санна, довш ду тхан шераш. хІунда аьлча цигахь адамашна даъал бепиг а, маллал хи а хир дац. Уьш инзарбевлла вовшашка хьоьжур а бу, уьш телхар а бу. Иза хир ду церан къинош бахьана долуш». «Аша Исраил-махкахь стенна даладо хІара кица: „Дайша муьста кемсаш йоу, ткъа берийн цергаш леха“?» Шун кортош тІехь йихкина чалбанаш хир ю, когахь шайн мачаш а хир ю шун, шу тийжар а дац, доьлхур а дац, амма шайн къинош бахьана долуш телхар ду шу, вовшашна хьалха даккхий синош а дохуш’. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! ХІара даьІахкаш Исраилан дерриг а халкъ ду. Цара боху: „Тхан даьІахкаш якъаелла, тхан сатийсам а дІабаьлла, хиндерг тхох дІа а хаьдда“.
Выбор основного перевода