Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Шуна гина Ас Ярушалаймана а, иштта массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна а бина болу бохамаш. Уьш хІинца яссаелла, цигахь вехаш цхьа а стаг а вац, Цундела Сан дералла а, оьгІазалла а охьаІанайира, ЯхІуд-махкара гІаланаш а, Ярушалайман урамаш а дагош. Иштта уьш дохийна дІадехира, ткъа уьш хІинца а дассаделла лаьтташ ду“. Везачу Эле кхин са ца тохаделира аша лелочу зуламечу а, дегазчу а гІуллакхашна. Цундела шун латта тахана дохийна а, дассаделла а, тІехь Іаш адам а доцуш, лаьтташ ду, ткъа наха цуьнан цІе яккхарца неІалт олу. Аса кхечу къаьмнех уггар къиза халкъаш схьадалор ду кхуза, цара Исраил-махкара цІенош дІалоцур ду. Ас йохор ю ницкъболчеран куралла, иштта церан еза меттигаш а сийсазйохур ю оцу халкъаша. Иштта боху Везачу Эло: ‘Мисар-мехкан гІортораш хІаллакьхир ю, южур ю цуьнан сийлалла а, дІадер ду цуьнан ницкъ болуш хилар а, цуьнан дозалла а, Мигдолана тІера Савейна тІе кхаччалц массо а туьро вожор ву’. Иштта боху Хьалдолчу Эло. Дассийна хилла долу шун латта юха а ялта луш дІахІуттур ду, тІехбуьйлуш мел лелачарна хьалха кхин яьсса аре хилла а ца лаьтташ. Цара эр ду: ‘ДІаяханчу заманахь хІара латта даьсса лаьтташ дара, ткъа хІинца хІара Іеданан беш санна ду. Кхузара гІаланаш йохийна, яссийна, хІаллакйина лаьтташ яра, ткъа хІинца уьш чІагІйина ю, цу чохь адамаш а ду дехаш’.
Выбор основного перевода