Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхойн хехой бІаьрзе а, хІумма а ца хууш а бу, уьш берриш а мотт ца хуу жІаьлеш ду, лата а ца хууш, Іахка а Іохкуш, гІенаш а гуш, набъяр а дезаш. Уьш Іебар доцу а, сутара а жІаьлеш ду. Уьш кхетам боцу Іуй бу: массо а шен новкъа дІавирзина ву, хІора а шена пайда лоьхуш ву. Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга иза дІаала деза, цу стаге, харц некъа тІера дІавала аьлла, дІахьедан а деза, цуьнга шен са кІелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цІийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду. Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тІера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дІахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гІуллакхаш Суна дагадогІур дац, ткъа цуьнан цІийх Ас хьоьга жоп доьхур ду. Ас зуламечу стаге: „ХІей, зуламхо! Хьо билггал лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга, харц некъа тІера дІавала аьлла, дІа ца хьедахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цІийх Аса хьоьга жоп доьхур ду.
Выбор основного перевода