Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дІабузале юхало иза цунна, «Цхьаммо, Везачу Элана хьалха цатешаме а хуьлуш, къа лато тарло. Масала, цунах тешна цхьа хІума йитина я цхьана ханна дІаелла хилла, ткъа цунах лаьцна цуьнан уллораниг Іехо тарло цо. Я, масала, цхьа хІума шен уллорачух лачкъийна цо. Я цхьаъ леван тарло цо. Оцу тайпана къа а латийна, бехке волчу стага ша лачкъийнарг, я схьадаьккхинарг, я шега делларг, я шена карийнарг, я шех лаьцна харцдуй биъна хІума юхадала деза. ДогІург дерриг дІа а делла, цу тІе пхоьалгІа дакъа тоха деза цо. ГІуда такхаран сагІа доккхучу дийнахь цу хІуманан дега дІадала деза цо иза. «Иштта дІаала исраилхошка: „Нагахь санна цхьана стага я зудчо, Везачу Элана хьалха тешаме а ца хуьлуш, адамаша латош долу къа латадахь, и стаг бехке хуьлу Цундела оцу къинош летийначара шайгара даьлларг даре дан а деза, зулам хиллачунна богІуш болу берриге а мах дІабала а беза, цул сов пхоьалгІа дакъа тІе а тухуш. Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тІехь а йолуш дІадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду. Ас царна Сайн парзаш а делира, иштта Сайн тІедехкинарш дІа а хаийтира. Ткъа уьш кхочушдийриг цаьргахула билггал вехар ву. Закайс, хьала а гІаьттина, элира Везачу Эле: «Эла! Ас сайн ах бахам къечарна дІалур бу, нагахь ас цхьана хІумана тІехь стаг левинехь, цунна хилла зе доьазза меттахІоттор ду!»
Выбор основного перевода