Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхой кхийтира шайн гІуллакх чІогІа кхераме дуйла. Уьш, гуро лаьцча санна, Іаш бара. Цундела уьш хьехашна, чІажашна, саьнгаршна чохь а, лаьмнашкарчу терхашна юккъехь а, гІунаш чохь а дІалечкъира. Тархашкахь долчу хьехаш чу а, лаьттарчу оьрнаш чу а дІалечкъар бу нах, Везачу Элах а, Цуьнан возаллин сийлаллех а кхерабелла, Иза латта дего веача. Хьалдолчу Эло иштта боху: «Ойла е, мел бохам бер бу Ярушалаймана, Ас диъ таІзар – тур а, мацалла а, акхарой а, Іожаллин ун а – цунна тІе хьажадича, цуьнан бахархой а, церан даьхни а хІаллакдархьама! Цундела ладогІа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Іаннашка, тогІешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дІахІиттийначу а яьсса лаьттачу гІаланашка’. Исраилан лаьмнашкахь вуьйр ву хьо – хьо а, хьан эскар а, хьоьца кхидолу къаьмнаш а. Ас хьо массо а къийгашка а, аренан акхарошка а ваийта дІалур ву. Кармал-ломан боххьехь къайлабевлча а, цигахь а, схьа а карийна, схьалоьцур бу Ас уьш. Сан бІаьргашна хьалхара дІабевлла, хІордан бухахь уьш дІаловчкъахь а, цигахь а Ас хІордан лаьхьане омра дийр ду, уьш лаца аьлла.
Выбор основного перевода