Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Шуна тІе гІаролхой хІиттийра Аса. Коьман маІаца орца даккхаре ладогІа элира Аса шуьга. Амма аша жоп делира: „ЛадугІур дац!“ – аьлла. тІера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хІуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цІий цунна шена тІехь а хир ду. Шайн дай санна ма хилийша, хьалха дуьйна пайхамарша дехарш дина болу: ‹Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: юхадовла шайн зуламечу некъаш тІера а, шайн зуламечу гІуллакхашна тІера а›. Амма цара Соьга ла а ца дугІура, Ас бохуш долчун тергам а ца бора’“, – боху Везачу Эло. Амма цара дуьхьалонаш а еш, дов дора цунна. ТІаккха ПахІала, шен бедарш тІера чан дІа а егийна, элира цаьрга: «Къа а, бала а шайн бехкенна хуьлда шуна, со хІуманна а бехке вац. ХІинца со кхечу къаьмнийн нах болчу воьду».
Выбор основного перевода