Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Орца даккха, хьайн бете коьман маІа схьа а лаций! Аьрзу санна, мостагІий Везачу Элан халкъана тІелета, хІунда аьлча Соьца бина барт бохийра цара, Аса бинчу товрат-хьехамашна дуьхьалбевлла уьш. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Коьман маІа локхур юй те гІалахь, адам кхера а ца долуьйтуш? Хуьлий те гІалина бохам, Веза Эла воцучо тІебаийтина?
Выбор основного перевода