Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхо лийр ду, лаьтта Іанийна долу, юха схьагуллур доцу хи санна а хуьлуш. Амма Далла ца лаьа са хІаллакдан, мелхо а, Цо ойланаш йо, наха дІатеттинарг Шена уллора кхин дІа ца таттийта. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Вочу стеган Іожалла тІеярах там хуьлий те Суна? – боху Хьалдолчу Эло. – Мелхо а, шен харцнекъа тІера дІа а вирзина, иза вехаш хилар Суна тамехь хир дара. Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хІора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тІера дІадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта. ДІадаха шайна уллора шаьш летийна долу къинош, хийцадалийта шайн дегнаш а, шайн синош а. Хьо дала хІунда деза, Исраилан халкъ? Со муьлххачу а стагана Іожалла тІеярах там хуьлуш вац, – боху Хьалдолчу Эло. – Къиношна тІера дІа а дерзий, дехаш хилийша!» Цундела хІинца иштта боху массо а ницкъийн Везачу Эло: „Шайн дегнаш леррина тІедерзаде шаьш бечу некъаш тІе. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна.
Выбор основного перевода