Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьовсал шайн дега ИбрахІиме а, шаьш динчу Сарате а. Ас тІекхайкхинчу хенахь иза цхьаъ бен вацара, амма иза декъал а вина, бераш а делла, Аса цуьнан тІаьхье дебийтира. Цундела ладогІа, Исраил-мехкан лаьмнаш, Хьалдолчу Элан даше. Цо боху лаьмнашка, гунашка, Іаннашка, тогІешка, йохийна лаьттачу меттигашка, иштта шуна гонах долчу кхечу къаьмнашна ижуна хиллачу а, церан кхардам хилла дІахІиттийначу а яьсса лаьттачу гІаланашка’. „Тхан да ИбрахІим ву“, – аьлча, шаьш кІелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Іохкучу тІулгех а ИбрахІимна тІаьхье ян. Дала цунна цхьа а бахам ца белира, ур-атталла коган айрин барамал латта а ца делира. Амма Дала чІагІо йира цунна, иза а, цуьнан тІаьхьенаш а хІокху мехкан дай хир бу аьлла. Ткъа ИбрахІим цу хенахь доьзалхо воцуш вара. ИбрахІиман а, цуьнан тІаьхьенан а карахь хир ду дуьне, аьллера Дала. ИбрахІима товрат-хьехамаш кхочушбо дела, аьлла дацара иза, ткъа Дала иза, цуьнан тешар бахьана долуш, Шена хьалха бакъвина лерина хиларна аьлла дара.
Выбор основного перевода