Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга иза дІаала деза, цу стаге, харц некъа тІера дІавала аьлла, дІахьедан а деза, цуьнга шен са кІелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цІийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду. Амма ахьа цуьнга дІахьедар динчул тІаьхьа иза къинош леточуьра ца сацахь, иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа ахьа хьайн дахар кІелхьардоккхур ду. Амма зуламхо, ша лелийначу вонаш тІера дІа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, цо шен са кІелхьардоккхур ду.
Выбор основного перевода