Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ ЛадогІал, Исраилан халкъ! Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар ма дац нийса! Нагахь санна Делан лаамехь верг, шен нийсачу некъа тІера а ваьлла, вонаш деш волалахь, и хІума бахьана долуш лийр ву. Ша лелийна зуламаш бахьана долуш лийр ву иза! Амма зуламхо, ша лелийначу вонаш тІера дІа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, цо шен са кІелхьардоккхур ду. Ткъа Исраилан халкъо боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ Исраилхой, Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар билггал нийса дац! Ахьа, адаман кІант, дІаала хьайн къомах болчаьрга: „Бакъахьа леларг Далла дуьхьалволучу дийнахь ша динчу бакъахьарчу гІуллакхаша иза кІелхьарвоккхур вац, ткъа зуламхо ша лелийначу зуламечу гІуллакхех дІавирзинчу дийнахь цо лелийначо иза галволуьйтур вац. Нагахь санна бакъахьара лелачо къинош летадахь, цунна, хьалха ша дина бакъахьара гІуллакхаш бахьана долуш, кхидІа ваха пурба лур дац“. Аса зуламечу стаге дІахьедан тарло: „Хьо лийр ву“, – аьлла. ТІаккха иза, шен къиношна тІера дІа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лело волавала тарло. Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хІоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас».
Выбор основного перевода