Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн баганашца уьш Цунна хьесталора, шайн харцматтаца Цунна хьалха бакъ доцург дуьйцура цара. Церан дегнаш Цунна тІедирзина дацара, Цо бинчу бартана уьш тешаме бацара. Хьалдолчу Эло элира: «ХІара халкъ баганца Суна тІекхочу, маттаца Со лору цо, амма церан дегнаш Суна дукха генахь ду. Суна хьалха болу ларам адамаша Іамийна долу парз бен дац. Хьуна дуккха а хІума гина, амма ахь церан тидам ца бина. Хьан лергаш схьадиллина дара, амма хьуна хІумма а ца хезна». Мила тешна хир вара тхоьгара хезначух? Хьанна гайтина бара Везачу Элан нуьцкъала пхьарс? Халкъан цхьа дакъа Бавеле дІадигначул тІаьхьа йолхалгІачу шеран йолхалгІачу беттан пхоьалгІачу дийнахь, со сайн цІа чохь хиъна Іаш а волуш, суна хьалха хевшина Іаш яхІудхойн къаной а болуш, Хьалдолчу Элан ницкъ боьссира суна тІе. Исраилан халкъан масех къано веара со волчу. Уьш соьга бистхилархьама охьахевшира. Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа, ворхІалгІачу шеран пхоьалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь Исраилан халкъан масех къано веара со волчу, Везачу Элах дагавалархьама. Уьш, схьа а баьхкина, суна хьалха охьахевшира. Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хІуьнан маьІна дича, дахаран гІайгІанаша а, хьолах Іехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду. Сан хьоме бераш! Дашца а, маттаца а доцуш, гІуллакхца а, билггал долчу бакъдолчуьнца а дезийла вайна вовшийн.
Выбор основного перевода