Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Сан халкъана юкъара къечу стаге духалург айхьа ахча деллехь, духалург ахча луш болу вуьш санна ма хила цуьнца – ял а ма яккха цуьнгара ахчанна тІе. Айхьа цуьнга деллачу ахчанах ял а ма яккха, хьайн Делах а кхера, хьайн ваша шайна юкъахь а вахийта. Ял яккхийта духалург хьайн ахча а ма ло цуьнга, са яккхийта хьайн ялта а ма дохка цунна. Аса оцу хенахь шун кхелахошка омра дира: „Шайн къомах болчеран гІуллакхашка ладогІа, царна юкъахь нийса кхел е, шайн къомах волчуьнца я тІевеанчуьнца и гІуллакх доьзна делахь. Ахчанна а, я кхачанна а, я са йоккхийла долу кхин цхьана хІуманна а тІе ял ма яккха шайн къомах волчуьнгара. Аша дан дезарш хІара гІуллакхаш ду: вовшашка бакъдерг дийца, кхел ечу шайн меттигашкахь бакъдолчуьнца гІуллакхаш къастаде, барт хилийтархьама.
Выбор основного перевода