Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан бедаршна маша пайденна бац, шаьш динарг тІедухалур дац цаьрга. Церан гІуллакхаш харцонан гІуллакхаш ду, ницкъбар ду цара лелош дерг. Зуламна тІебовду церан когаш, бехк боцучун цІий Іано сихло уьш. Іеса ю церан ойланаш, дохор а, хІаллакьхилар а ду церан некъаш тІехь. ТІаккха Цо соьга элира: «Адаман кІант! Хьуна гуш дуй исраилхоша кхузахь деш долу дегаза гІуллакхаш, Соьга Сан еза меттиг а юьтуьйтуш? Хьо кхин а дика хьажахь, хьуна кхин а чІогІа дегазниг а гур ду». Цо соьга элира: «Адаман кІант, гуш дуй хьуна хІара? Шаьш кхузахь мел деш долу дегаза хІуманаш ЯхІудан халкъана кІезиг хета те? Цул сов, цара хІара мохк гІелонех бузу, хаддаза Со оьгІаза а оьхуьйтуш. Хьажал, цара Сан мерана тІе гаьннаш уьйу! ЛадогІа кху даше, Шамранан лам тІехь долу Башанан хьийкъина шинарш санна болу зударий. Шу гІийлачарна ницкъбийраш а, мисканаш Іазапехь латтош берш а, шайн хІусамдайшка: «Схьада чагІар, оха мер ду!» – бохурш ду.
Выбор основного перевода