Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Нагахь закъалтана уллорачуьнгара айхьа бедар эцнехь, малх дІабузале юхало иза цунна, хІунда аьлча и бедар йоцург кхин духар дац цуьнан, дегІ дохдеш долу. ДІа муха вуьжур ву иза, тІетесна хІума а йоцуш? Цо Сайга кхайкхича, Суна хезар ду, хІунда аьлча Со къинхетаме ву. Ницкъаца хьайн уллорачуьнгара хІума схьа а ма яккха, иштта цунна къола а ма де. ТІелаьцна болх биначунна йогІу ял сахиллалц цунна ца луш ма Іе. Кхел нийса е, къечуьнга озабезам а ма бе, хьалдолчух а ма кхера. Нийсонца кхел е хьайн уллорачунна. Хьайн уллорачунна цхьа хІума юхкуш я цуьнгара оьцуш хьо велахь, вовшийн ле ма ве. Нагахь санна шун Везачу Дала шуна схьалуш долчу лаьтта тІерачу цхьана гІалахь шун къомах болчарах цхьаъ къен хилахь, варелаш, шайн дегнаш чІагІ а ма делаш, шайн куьйгаш а ма дехкалаш къечунна гІо дан. Нагахь санна иза къен стаг велахь, цо закъалтана елларг шен тІехула юху бедар елахь, иза шайгахь а йолуш, дІа ма дийшалаш. Цо закъалтана елларг малх чубузале юхало, шайн бедарш тІехь а йолуш дІадийшинчохь цуьнга шаьш декъалдайтархьама. Шун Везачу Дала иза бакъахьара лелар лорур ду. мецачуьнца хьайн бепиг декъа, бевлла лела миска нах хьайн цІа чу бига, верзинчунна тІе бедар юха, хьайн гергарчух дІа ма лачкъа. хІунда аьлча Со меца волчу хенахь аша Суна яа хІума елира, Со хьогах волчу хенахь аша Суна мала хи делира. Со араваьлла лелачу хенахь аша Со тІеийцира. Со тІехь беркъа волчу хенахь аша Суна тІеюха хІума елира. Со цомгуш волчу хенахь аша Сан дола дира. Со набахтехь волчу хенахь шу Со волчу тІаьхьадаьхкира“.
Выбор основного перевода