Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хих довла, цІанло, шайн зуламе гІуллакхаш Сан бІаьргашна хьалхара дІадаха, вониг ма де. Диканиг дан Іама, нийсо лелор лаха, гІело яр сацаде, вон гІуллакх нийсонца къастаде, йисина Іачу зудчун бакъонаш ларъе. Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Церан дегнаш чу цхьана новкъахь леларан лаам лур бу Аса царна: массо а деношкахь Суна хьалха ларамах буьзна баха луур ду царна. Иза церан диканна а, церан тІаьхьенан диканна а хир ду. Ас царна шалхо йоцуш долу дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас царна чохь. Царна чуьра церан тІулган дегнаш дІа а даьхна, царна дилханан дегнаш кхуллур ду Аса. Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – зуламечу нахана Іожалла тІеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дІа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тІера! ХІунда хуьлу хьо хІаллак, Исраилан халкъ?“ Ас шуна керла дог а лур ду, иштта керла са а кхуллур ду Ас шуна. Шуна чуьра шун тІулган дог дІа а даьккхина, шуна дилханан дог кхуллур ду Аса.
Выбор основного перевода