Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн зуда цІена йоцучу деношкахь цуьнца дІа ма вижа. Хьайн уллорачун зудчуьнца дІа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву. Зударийн цамгар хуьлучу деношкахь стаг зудчуьнца дІавижахь, цуьнан цІий дІаэхар гучудаьккхина цо. И шиъ шайн халкъана юкъара эккхо деза. я къечунна гІело еш, цуьнгара хІума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хІума дІа ца лахь, иза цІушна Іамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хІуманаш цо леладахь, лаьмнашкахь цІушна даьккхинчу сагІанах хІума а цо ца яахь, шен лулахочун зудчуьнца а иза ца лелахь, Хьан бахархойх цхьаболчара кхечу нахана мотт бетта, уьш байъийтархьама. Цхьаболчара лаьмнашкахь йолчу езачу меттигашкахь цІушна сагІина еана яа хІума а йоу, дегаза гІуллакхаш а леладо. Цхьаберш шайн дайн зударшца дІабуьйшу, ламаз доьхна болу зударий а хьийзабо цара. Цхьаверг шен доттагІчун зудчуьнца лела, важа шен несаца лела, вукхо шен ден йоІ йолу шен йиша хьийзайо. Цундела дІаала цаьрга: „Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша жижиг цІийца цхьаьна доу, шу шайн цІушка сатийсамца хьоьжу, аша адамаш хІаллакдо. ХІара латта шун долахь муха хир ду?
Выбор основного перевода