Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Ткъа, масала, цуьнан кІант талорхо хила тарло, нехан цІий а Іенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гІуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь, Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра. Цундела Ас кхел йийр ю шуна, исраилхой. Ас хІора стагана, цуьнан леларе хьаьжжина, кхел йийр ю. – Иштта элира Хьалдолчу Эло. – Цундела, Со волчу юха а дерзий, шаьш мел лелош йолчу харцонашна тІера дІадовла! Къа бахьана долуш шаьш гал ма дийлийта.
Выбор основного перевода