Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас зуламхочуьнга: „Хьо лийр ву!“ алахь, ахьа цуьнга иза дІаала деза, цу стаге, харц некъа тІера дІавала аьлла, дІахьедан а деза, цуьнга шен са кІелхьардаккхийтархьама. Ахьа иза ца дахь, и стаг шен къинош бахьана долуш лийр ву, ткъа цуьнан цІийх Аса хьоьгара жоп доьхур ду. «Ткъа, масала, цуьнан кІант талорхо хила тарло, нехан цІий а Іенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гІуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь, «Ткъа, масала, цуьнан кІант талорхо хила тарло, нехан цІий а Іенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гІуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь, я къечунна гІело еш, цуьнгара хІума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хІума дІа ца лахь, иза цІушна Іамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хІуманаш цо леладахь, тІера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хІуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цІий цунна шена тІехь а хир ду.
Выбор основного перевода