Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іесачо шен некъ буьтийла, ткъа къинош летийначо – шен ойланаш. Везачу Элана тІевоьрзийла иза – Цо цунах къинхетам бийр бу – Вайн Далла тІе, хІунда аьлча Цо комаьршаллица нахана гечдийр ду. Ахьа цаьрга ала деза: „Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, – боху Хьалдолчу Эло, – зуламечу нахана Іожалла тІеярах Суна там ца хуьлу. Мелхо а, Суна лаьара уьш, шайн зуламечу некъашкара дІа а бевлла, бехийла. Юхадерза! Юхадерзахьа хьайн вочу некъа тІера! ХІунда хуьлу хьо хІаллак, Исраилан халкъ?“ Цунна лаьа массо а адамаш кІелхьардовла а, царна билггал бакъдерг довза а. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна.
Выбор основного перевода