Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо, тІера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо. Иза Сан парзашца а лела, цо Сан тІедехкинарш лар а до. Иза Сан лаамехь верг ву, цундела иза вехар а ву» – боху Хьалдолчу Эло. тІера ял а йоккхуш, цо юхалург ахча лахь, вехар вуй те и стаг? Вехар вац. И хІуманаш лелош мел верг лийр ву, цуьнан цІий цунна шена тІехь а хир ду. Ахьа хоьтту: „Дас лелийнарг бахьана долуш кІант жоьпе хІунда ца озаво?“ КІант, бакъдерг а, нийсо а лелош, Сан парзаш лар а деш, уьш кхочуш а деш леларна, билггал вехар ву. Къинош летийнарг лийр ву, ткъа кІантана, шен дас лелийнарг бахьана долуш, таІзар дийр дац, шен кІанта летийначу къиношна дена а дийр дац таІзар. Делан лаамехь волчун дика цунна бен ца догІу, вониг лелочун вон цунна бен догІуш ца хиларе терра.
Выбор основного перевода