Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Исраилхой, шуна чаккхе тІекхаьчна. Сайн оьгІазалла охьаІанор ю ас шуна тІе. Ас кхел йийр ю шуна, аша лелийначу дерриг а вонашка хьаьжжина, ткъа Ас бекхам бийр бу шуна, аша мел лелийначу дегазчу гІуллакхашка хьаьжжина. Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хІоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас». Шамран-гІалане жоп доьхур ду, иза шен Далла дуьхьалъяьлла дела. Шамранхой туьро эгор бу. Церан бераш хьоьшур ду, берах болу зударий а цоьстур бу». «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тІедерза!» – бохура Цо. Иштта, шаьш мичара охьаэгна дага а даийтий, метта а дуьйлий, шаьш юьхьанца лелийна долу гІуллакхаш леладе. Нагахь шаьш далийтинчу къинойх шу дІа ца дерзахь, шу долчу а веана, Ас меттахбоккхур бу шун стогар.
Выбор основного перевода