Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа Исраилан халкъо боху: „Везачу Элан лелар нийса дац!“ Исраилхой, Сан лелар дуй те нийса доцург? Шун лелар билггал нийса дац! Ткъа хьан къомах болчара боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“, церан шайн лелар нийса доццушехь. Ткъа аша боху: „Везачу Элан лелар нийса дац“. Исраилан халкъ, хьох хІоранна а, цо лелийначуьнга хьаьжжина, кхел йийр ю Ас». Веза Эла оцу гІалина юккъехь ву, Иза нийса ву, харцдерг Цо ца до. ХІора Іуьйранна, хийцамаш а ца беш, нийсонца лела Иза, амма харцо ечарна эхь бохург хІун ду ца хаьа.
Выбор основного перевода