Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
амма и къам ша лелийначу вонах дІадерзахь, тІаккха Аса, дохко а ваьлла, Айса царна лерина бохам бийр бац. Нагахь ахьа бакъахьа лелачуьнга, къинош ма летаде аьлла, дІахьедахь, ткъа цо къинош а ца летадахь, иза билггал дийна вуьсур ву, хІунда аьлча цо тидам бира шега динчу дІахьедарх. Ткъа хьо хьайн са кІелхьардаьккхина хир ву». Ахьа, адаман кІант, дІаала хьайн къомах болчаьрга: „Бакъахьа леларг Далла дуьхьалволучу дийнахь ша динчу бакъахьарчу гІуллакхаша иза кІелхьарвоккхур вац, ткъа зуламхо ша лелийначу зуламечу гІуллакхех дІавирзинчу дийнахь цо лелийначо иза галволуьйтур вац. Нагахь санна бакъахьара лелачо къинош летадахь, цунна, хьалха ша дина бакъахьара гІуллакхаш бахьана долуш, кхидІа ваха пурба лур дац“. Ткъа зуламениг, ша динчу вонаш тІера дІа а вирзина, бакъдерг а, нийсо а лелош волалахь, и бахьана долуш иза вехар ву.
Выбор основного перевода