Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунах лаьцна сан дага чохь дикка ойла а йина, лоруш болчу нахана а, куьйгалхошна а тІе бехк биллира ас: «Шайн къомах волчунна юхалург деллачу ахчанна тІера ял йоккху аша!» – аьлла. Цара лелийначунна дуьхьал цхьана боккхачу гуламе нах схьакхайкхира аса. Цо, тІера ял а йоккхуш, юхалург ахча а ца ло, ша вониг лелорах лар а во, къовсамашкахь нийсонца кхел а йо. къечун дог а ца дохош, тІера ял а йоккхуш, цо ахча юхалург а лахь, Сан тІедехкинарш а деш, Сан парзашца иза лелахь, и стаг шен дас лелийнарг бахьана долуш лийр вац. Иза билггал вехар ву. Ярушалаймехь ахчанах нах бойъу, юхалург деллачу ахчанна тІера ял йоккху, шена уллохь волчуьнгара леварца са йоккху, ткъа Со вицвина цара’, – боху Хьалдолчу Эло. Коьман маІан аз хезначул тІаьхьа а, цхьаммо а иза тергал ца дахь, цул тІаьхьа и стаг туьро хІаллак а вахь, цуьнан цІий цунна шена тІехь хир ду. Коьман маІан аз хезча, оцу стага цуьнан тидам ца барна, цуьнан цІий цунна шена тІехь хир ду. Шен хеннахь цо тидам бинехьара, шен дахар кІелхьардоккхур дара цо.
Выбор основного перевода