Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тІера а ваьлла, харцдерг лело волалахь, Аса цунна новкъарло а йийр ю, иза лийр а ву. Иза шен къинош бахьана долуш лийр ву, ахьа цуьнга дІахьедар ца дина дела. Цо дина бакъахьара гІуллакхаш Суна дагадогІур дац, ткъа цуьнан цІийх Ас хьоьга жоп доьхур ду. Ахьа, адаман кІант, дІаала хьайн къомах болчаьрга: „Бакъахьа леларг Далла дуьхьалволучу дийнахь ша динчу бакъахьарчу гІуллакхаша иза кІелхьарвоккхур вац, ткъа зуламхо ша лелийначу зуламечу гІуллакхех дІавирзинчу дийнахь цо лелийначо иза галволуьйтур вац. Нагахь санна бакъахьара лелачо къинош летадахь, цунна, хьалха ша дина бакъахьара гІуллакхаш бахьана долуш, кхидІа ваха пурба лур дац“. Нагахь Аса бакъахьа лелачу стаге иза вехар ву алахь, амма цо, ша хьалха дина дикачу гІуллакхашка а хьоьжуш, зулам дахь, Суна дагадогІур дац цо хьалха мел дина дика гІуллакхаш. Иза лийр ву, ша тІаьхьа дина долу зулам бахьана долуш. Нагахь санна бакъахьа леларг, шен нийсачу некъа тІера а ваьлла, зулам дан волалахь, и хІума бахьана долуш иза лийр ву. Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КІелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Іийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хІуманех къаьстинехь, ткъа цул тІаьхьа уьш, юха а вочу хІуманна тІе а тевжина, цунна кІел биснехь, шолгІа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал. Нийсонан некъ бевзина цахилар гІолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тІедиллинарг дІа а тесна, хьалхалерчунна тІе юхабоьрзучул.
Выбор основного перевода