Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берашкара даьлларг бахьана долуш дай ма байа, бераш а ма дайа дайшкара даьлларг бахьана долуш. Іожаллин таІзар догІу зулам далийтина хІорра а, ша далийтина и зулам бахьана долуш бен, вен ца веза. Амма Мусан товрат-хьехамийн тептар тІехь яздинчуьнга хьаьжжина, цу хьаькамийн бераш ца дайира Амци-ЯхІус, хІунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таІзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь, бераша а валаран таІзар такха ца деза. Амма хІораммо а шех даьлла зулам бахьана долуш, валаран таІзар ша такха деза». Амма Мусан тептар долчу товрат-хьехамашна тІехь яздинчуьнга хьаьжжина, церан бераш ца дайира Амци-ЯхІус, хІунда аьлча цигахь Везачу Эло, весет а деш, аьллера: «Бераша далийтина зулам бахьанехь церан дайша валаран таІзар такха ца деза. Иштта шайн дайша далийтина зулам бахьанехь бераша а валаран таІзар такха ца деза. Амма хІораммо а, даьлла зулам бахьана долуш, валаран таІзар ша такха деза». Делан лаамехь волчуьнга цуьнца дика хир ву ала, хІунда аьлча ша динчу дикачу гІуллакхех пайда оьцур бу цо. Ткъа Іесачун къа ду, хІунда аьлча ша динчу вочу гІуллакхашна бекхам хир бу цунна. Дерриг а адамийн дахар Сан карахь ду – ден я кІентан дахар Суна бен а дац. Къинош летош верг ву лийр верг. Зулам деш волчу хІоранна а гІайгІанаш а, баланаш а хир бу, цкъа хьалха жуьгташна, тІаккха кхечу къаьмнех болчарна!
Выбор основного перевода