Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума а ца йоу, цо Исраилан халкъан цІушна доІанаш а ца до, иза шен лулахочун зудчуьнца а ца лела, шен зудчун ламаз доьхначу хенахь цунах хьакха а ца ло. «Ткъа, масала, цуьнан кІант талорхо хила тарло, нехан цІий а Іенош, шен дас цкъа а ца лелийначу гІуллакхех муьлхха а деш волу. Нагахь цо лаьмнашкахь цІушна Іамал еш даьккхинчу сагІанах хІума яахь, я иза шен лулахочун зудчуьнца лелахь, я къечунна гІело еш, цуьнгара хІума цо схьаяккхахь, я декхар оьцуш закъалтана елла хІума дІа ца лахь, иза цІушна Іамал еш лелахь, иштта кхидолу дегаза хІуманаш цо леладахь,
Выбор основного перевода