Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу хашадхойн карара вер вац. Иза Бавелан паччахьан кара дІалур ву, цо цуьнца юьхь-дуьхьал къамел а дийр ду, цунна иза шен бІаьргашца схьа а гур ву. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира.
Выбор основного перевода