Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхІудхой шайн махкара йийсаре дІабигира. Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГІаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цІенош диссалц, хІара латта дерриг а дассадаллалц. Веза Эла волчу Аса адамаш кхузара генна дІадуьгуьйтур ду, тІаккха хІара латта чІогІа дассалур ду. НегІаб олучу яьссачу арара йолу гІаланаш дІакъевлина ю, уьш схьаелла стаг а вац. ЯхІудан дерриг а къам йийсаре дІадуьгуш ду». Ас латта дассор ду, цу махко дозалла деш мел хилла долу хІума хІаллакьхир ду. Исраил-махкара лаьмнаш а дассалур ду, кхузахула тІехволуш гуш стаг а хир вац. Цийонан йоІ, холчу хІотта, бер дечу зудчо санна, лазарех баланаш хьега, хІунда аьлча хьо хІинца, гІалара ара а яьлла, аренгахь ехар ю. ТІаккха хьо Бавел-гІала кхочур ю. Хьо цигахь кІелхьаръер ю. Везачу Эло хьо цигахь хьан мостагІийн мехах карара паргІатйоккхур ю.
Выбор основного перевода