Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Везачу Эло ЯхІу-Якхам-паччахьна дуьхьалбехира хашадхойн а, арамхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а тІемалой, цаьрга ЯхІуд-мохк хІаллакбайтархьама, Шен ялхой болчу пайхамаршкахула Ша ма-аллара. Везачу Элан лаамца хилира и дерриге а ЯхІудан халкъаца, иза Шена дуьхьалара юхататтархьама. Везачу Эло иза дира Маннаш-паччахьо дукха къинош леторна а, цо сийсаза долу гІуллакхаш дарна а, ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. ТІаккха Набухди-Нецар-паччахьо Ярушалаймехь долчу Везачу Элан цІийнан хазни чохь мел йолу хІума а, паччахьан кертара мехала мел йолу хІума а дІаяьхьира. Везачу Эло аьлла ма-хиллара, хьалха исраилхойн паччахь хиллачу Сулима Везачу Элан цІенна лерина яйтина хилла йолу массо а дашо хІуманаш дІаяьхьира Бавел-мехкан паччахьо. Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. Цу тайпана, ЯхІу-Яхин-паччахь, цуьнан нана, цуьнан зударий, паччахьан кертахь гІуллакх деш хилларш, лаккхарчу даржашкахь хилла нах – уьш берриш а Ярушалайм-гІалара Бавел-махка кхалхийра Бавел-мехкан паччахьо. Бавел-мехкан паччахьо Бавел-махка йийсаре дІадигира шена чохь ворхІ эзар тІемало волу дерриг эскар а, цхьа эзар говза пхьар а, аьчка-пхьар а. Цу дІабигначарна юкъахь уггар а доьналла долу тІемалой бара. «ХІорш бу цу мехкан массо а маьІІера болу йийсарера юхабаьхкина болу нах. Бавеларчу паччахьо Набухди-Нецара уьш Бавеле йийсаре дІабигна хилла, ткъа хІинца уьш Ярушалайме а, ЯхІуд-махка а хІора шен-шен гІала юхабирзина. ЯхІу-Якхам-паччахьо ЯхІуд-махкахь паччахьалла дечу кхоалгІачу шарахь Бавел-мехкан паччахьо Набухди-Нецара, ван а веана, Ярушалайм-гІалина го лецира. ТІаккха Хьалдолчу Эло цуьнан кара вахийтира ЯхІуд-мехкан паччахь волу ЯхІу-Якхам. ЯхІу-Якхам-паччахь а, кхин дІадигна долу адамаш а Набухди-Нецара ШанІар-махкара шен делан цІа чу дІадигийтира. Ткъа Ярушалайм-гІалара Делан цІа чуьра цхьайолу еза хІуманаш, шен дола а яьхна, шайн делан цІа чуьра хазнина тІе дІаяхьийтира цо. Паччахьо омра дира шен кертарчу хьаькамийн куьйгалхочуьнга Ашпеназе, исраилхойн тоьллачу паччахьийн а, элийн а цІийнах бевлла болу къонахой шена тІе схьабалабе аьлла.
Выбор основного перевода