Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Оцу махкара къечу халкъана юкъара цхьадолу адамаш дитира цу хьаькамо, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама. Шайн долахь цхьа а хІума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхІуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дІа а елла. ГІаролхойн хьаькамо, Ярми-ЯхІу царна юкъара схьа а ваьккхина, цуьнга элира: «Хьан Везачу Дала хІокху меттигна хІара бохам бийр бу аьлла. Ткъа хІинца Ша аьлларг Везачу Эло кхочушдина. И дерриг а хилла, аша Цунна хьалха къинош летийна дела а, аша Цо бохучуьнга ла ца доьгІна дела а. Аса тахана хьан куьйгех тоьхначу хІокху буржалех мукъавоккху хьо. Хьайна соьца Бавеле дІаван лаахь, дІавола, аса Іуналла дийр ду хьуна тІехь. Нагахь хьайна цига дІаван ца лаахь, кхузахь саца мегар ду хьуна. ХІара дерриг а латта хьуна хьалха Іуьллуш ду, хьайна луъучу метте дІаваха пурба ду хьуна». Ярми-ЯхІу новкъа валале, Набузар-Адана кхин а элира: «Я хьайна лаахь, Шапанин кІентан Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу гІо, Бавелан паччахьо массо а ЯхІуд-махкарчу гІаланашна тІехь хьаькам хІоттийна волчу. Хьайн халкъана юкъахь цуьнца саца мегар ду хьуна. Я хьайна луъучу метте дІагІо». Ярми-ЯхІуна яа хІума а, совгІаташ а дІа а делла, Набузар-Адана иза аравалийтира. Ярми-ЯхІу МицІпа-гІалахь сецначу Ахьикхаман кІант Гадал-ЯхІу волчу вахара. Шайн махкахь дисинчу шен халкъана юкъахь сецира иза.
Выбор основного перевода