Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
ЦІадукъ-ЯхІун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦІадукъ-ЯхІун ненан цІе Хьамутал яра. Иза Либна-гІалара Ярми-ЯхІун йоІ яра. ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо а, шен да ЯхІу-Якхама санна, Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Ярушалайм-гІалин а, ЯхІуд-мехкан а бахархой Шена уллора дІататтал чІогІа оьгІазваханера Веза Эла. Иштта ЦІадукъ-ЯхІу-паччахь Бавел-мехкан паччахьна дуьхьалвелира. ЦІадукъ-ЯхІун ткъе цхьа шо дара, иза паччахь хилла дІахІуттуш. Ярушалайм-гІалахь Іаш а волуш, цхьайтта шарахь паччахьалла дира цо. ЦІадукъ-ЯхІу-паччахьо шен Везачу Далла зуламе хеташ долу гІуллакхаш леладора. Везачу Элера долу дош схьаолуш волу Ярми-ЯхІу-пайхамар шена уллохь а волуш, Далла хьалха ша лахвар ца лиира ЦІадукъ-ЯхІуна. Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза.
Выбор основного перевода