Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Делан цІарах цунна тешаме хир ву аьлла, ша биъна дуй къар а беш, Набухди-Нецар-паччахьна дуьхьал велира ЦІадукъ-ЯхІу. Вухахьа а ваьлла, дог чІагІ а дина, цунна ца лиира Исраилан халкъан Везачу Делехьа юхаверза. Хьалдолу Эла волу берриге а ницкъийн Веза Эла Ярушалаймера а, ЯхІуд-махкара а массо а тайпана гІо а, гІоьнча а дІаваккха хІутту. Цо дІабоккхур бу баьпкаца а, хица а бина кечам а, Везачу Эло бераш хІиттор ду, церан хьаькамаш хилийтархьама. КІентий хир бу царна тІехь олалла деш. Халкъана юкъахь цхьаммо вукхунна а, стага уллорачунна а гІело йийр ю. Жимачо воккханиг лоруш хир вац, ладамбоцучо – лараме верг.
Выбор основного перевода