Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
ПирІуно Юсупна тІаьхьа нах бахийтира, цара иза сихонца набахтера схьавалийра. Маж а яьшна, тІе цІена хІума а юьйхина, пирІунна тІевахара Юсуп. Цо шен пІелга тІера схьадаьккхина мухІар Юсупан пІелга тІе доьллира, дуткъачу кІадинах дина духар цунна тІе а дуьйхина, цуьнан коча дашо зІе оьллира. Мапи-Бошат Ярушалаймехь Іаш хилла, хІунда аьлча иза массо а хенахь паччахь волчохь яа хІума юуш хилла. Иза шинна а когана астагІа хилла. Ткъа галІадхо волчу Барзалайн кІентех къинхетам бе, уьш хьайна тІе а озош, айхьа дола дечарна юкъа а бохуьйтуш. Цара дика гІо дира суна, хьан веших Абушаламах со кІелхьарволучу хенахь.
Выбор основного перевода