Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Оцу бІогІамашна тІехула дилла цІастанах таж доьттира Хьирама. Церан хІораннан лакхалла пхи дол яра. Оцу шина бІогІам тІехь долчу таьжнашна гонах йолчу бойнна уллохь гобаьккхина могІанашца тІедехкина ши бІе наран стоьмийн куьцехь сурт дара. Оцу бойнан шина суьрта тІе диъ бІе цІестан нар-стоьмаш дира Хьирама. И стоьмаш оцу бІогІамашна тІе дехкинчу таьжнашна тІерачу бойнийн суьрташ тІе дехкира шишша могІа.
Выбор основного перевода