Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Кхин а цІестан ши бІогІам бира Хьирама. ХІора бІогІаман лакхалла берхІитта дол, ткъа гобаьккхина йолу шоралла шийтта дол яра. Оцу бІогІамашна тІехула дилла цІастанах таж доьттира Хьирама. Церан хІораннан лакхалла пхи дол яра. БІогІамашна тІехула динчу таьжнийн куц далийнера, царна тІе юьйцинчу зІенех бойнан суьрташ а дина. Уьш хІора тажана тІехь ворхІ-ворхІ яра. ТІаккха оцу бойнна гонах бІогІамашна тІехь долчу тажана тІехула цІастанах дина тІедехкина ши могІа наран стоьмаш бара. Оццу кепара а шолгІачу бІогІамна тІера тажана тІе а дехкира уьш. ЦІенна хьалхарчу ученех гІортийна дІахІиттийначу хазачу бІогІамашна тІехь таьжнаш дара. Уьш петІамат-зезагах тардинера, лакхалла диъ дол долуш. Оцу шина бІогІам тІехь долчу таьжнашна гонах йолчу бойнна уллохь гобаьккхина могІанашца тІедехкина ши бІе наран стоьмийн куьцехь сурт дара. Везачу Элан цІа чу воллучохь, учехь, цІестан ши бІогІам дІахІоттийра Хьирама. Цхьа бІогІам къилбехьа хІоттийра цо, цунна «Якин» аьлла цІе тиллира Хьирама (и цІе «Дала дІахІоттор» бохучух тера ду). Ткъа важа къилбаседехьа дІахІоттийра. Цунах «БоІаз» элира (иза «Делан нуьцкъалаллех дерг» бохучух тера ду). Иштта дехкира оцу бІогІамашна тІе петІамат-зезаган куьцехь долу таьжнаш. Иштта чекхбелира Хьираман бІогІамаш дІахІотторан болх. ТІаккха лалийначу цІастанах дукха боккха яй бира Хьирама. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кІорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. Цуьнан йистошкахула гобаьккхина шина могІара дехкина цІестан гІабакхийн суьрташ дара. И суьрташ оцу енаца цхьаьна ийна дара. И боккха цІестан яй шийтта цІестан старана тІехь лаьтташ бара. Кхо цІестан сту къилбаседехьа берзийна бара, кхин кхоъ малхбузехьа, важа кхоъ къилбехьа, бисина кхоъ малхбалехьа берзийнера. ЦІестан яй церан баккъашна тІе биллина бара, ткъа стерчийн тІехьенаш ен бухан юккъехьа ерзийна яра. Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дІаделладеллачу петІамат-зезаган куьцехь дара. Оцу ена чу кхузткъе итт эзар чами кхоччуш хи доьдура. ТІаккха итт цІестан кІелхІотторг йира Хьирама. Уьш, чкъургаш тІехь а йолуш, меттахъяхалуш яра. ХІора кІелхІотторган яхалла а, шоралла а диъ дол, ткъа лакхалла кхо дол яра. И кІелхІотторгаш иштта йинера: церан деакІов пенаш дара, уьш гурашна тІе хаийнера. Гурашна чухула долчу пенашна тІе а, гурашна тІе а лоьмийн а, стерчийн а, каруб-маликийн а суьрташ дехкинера. Ткъа оцу лоьмийн а, стерчийн а суьрташна лакхахула а, лахахула а цІастанах дина дикка дІасадаьржина долу таьжнаш дара. ХІора кІелхІотторган йиъ-йиъ чкъург а, семанаш а яра. ХІора сонехь ена тІехуттуш йина гІортораш яра. Оцу гІорторашна тІехь цІастанах дина тІедиллина таьжнаш дара. Ткъа гІорторана тІехула даьккхина Іуьрг дара, цхьа дол хиллал кІорга а долуш. И Іуьрг горга дара, цуьнан гонан барам цхьа дол ах дол бара. Іуьргашна тІехула аьгна даьхна суьрташ дара. КІелхІотторган агІонашна тІера пенаш, горга а доцуш, деакІов дара. Пенашна кІел йиъ чкъург яра, ткъа церан семанаш гІорторашна тІе чІагІйина яра. ХІора чкъурган гонан шоралла цхьа дол ах дол барамехь яра. ХІора чкъург яра гІудалкхийн чкъургаш санна йина. Семанаш а, чкъурган хІазарш а, чІораш а, чкъурган милкаш а цІастанах йина яра. ХІора кІелхІотторган беа сонехь цхьацца гІортор яра. Ткъа хІора гІортор оцу кІелхІотторгах цхьаьна хоьттина йина яра. КІелхІотторган боххьехь бина горга гу бара. Цуьнан лакхаллин барам ах дол бара, иза а тІехІоьттина, дийна цхьаъ болуш санна, боьттина бара кІелхІотторгана тІе. Оцу кІелхІотторган пенаш тІехь а, массо а меттиг йоллучохь а каруб-маликийн а, лоьмийн а, хурманийн диттийн а, аьгна даьхна суьрташ дехкира Хьирама. Везачу Элан цІенна хьалха цІестан ши бІогІам дІахІоттабайтира паччахьо. ХІора бІогІаман лакхалла ткъе пхийтта дол яра. Оцу бІогІаман буьххье дилла цІастанах ши таж доьттира. Церан хІораннан а лакхалла пхиппа дол яра. Иштта Сулим-паччахьо сагІа даккха лерина болу цІестан кхерч а байтира: иза ткъа дол хиллал беха а, ткъа дол шуьйра а, итт дол лекха а бара. Лалийначу цІастанах боккха яй байтира цо. Цуьнан цхьана йистера вукху йисте кхаччалц болу барам итт дол бара. Пхи дол кІорга а бара иза. Оцу ен го ткъе итт дол бара. ЦІастанах дина стерчий а дара гобаьккхина цу ен кІел, цуьнца цхьаьнадоьттина. Уьш шина моггІара дехкинера, церан лакхалла итт дол яра. И яй цІастанах бинчу шийтта старана тІехь лаьтташ бара. Царах кхоъ къилбаседехьа, кхоъ малхбузехьа, кхоъ къилбехьа, кхоъ малхбалехьа берзийна бара. Ткъа церан тІехьенаш ена кІел, юккъехьа, ерзийна яра. Оцу ен стоммалла куьйган кераюккъалц яра, ткъа цуьнан йистош дІаделладеллачу петІамат-зезаган куьцехь йинера. Цу чу кхузткъе итт эзар чами хиллал хи доьдура. Иштта цІестан итт юьхь-куьг дуьлург а яйтира цо. Царах пхиъ къилбехьа агІор, важа пхиъ къилбаседехьа агІор дІахІоттаяйтира, цу чохь дагоран сагІина деана дийнатийн дакъош цІандархьама. Ткъа цІестан боккха яй динан дайшна бинера, уьш цу чохь Далла гергахь цІанбалархьама. Хила ма-безза болу итт стогар байтира цо деших. Уьш Везачу Элан цІа чу биллийтира: пхиъ – къилбехьа агІор, важа пхиъ – къилбаседехьа агІор. Далла лерина долу бепиг тІедилла итт стол яйтира цо. Уьш Везачу Элан цІа чохь пхиъ къилбехьа агІор, важа пхиъ къилбаседехьа агІор дІахІиттаяйтира цо. Иштта деших цхьа бІе кад а байтира. Динан дайн керт а, йоккха керт а яйтира цо. Иштта йоккхачу кертана чуволу кевнаш дайтира, царна йоьзан варкъ а дуьллуш. Чохь хи долу и боккха цІестан яй Везачу Элан цІийнан къилба-малхбалехьара агІор дІахІоттабайтинера Сулима. Иштта Хьирама кхин а тесаш, кегий белаш, кегий кедаш дира. Цу тайпана чекхбехира Хьирама Сулим-паччахьна Делан цІа чохь ша беш болу белхаш: ши бІогІам а, царна гонах таьжнийн ши го а, оцу таьжнийн суьрташ тІедехкина долчу бІогІамийн боххьехь бойнан ши сурт а. Оцу бойнан шина суьрта тІе билла биъ бІе цІестан нар-стом бира Хьирама. И стоьмаш шишша могІарехь оцу бІогІамашна тІе дехкинчу таьжнашна тІерачу бойнийн суьрташ тІе дехкира. КІелхІотторгаш а, царна тІеюьллу юьхь-куьг дуьлургаш а, цІестан боккха яй, цунна бухара шийтта цІестан сту а, Массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху цІестан бІогІамех а, цІестан хІордах а, цІестан кІелхІотторгех а, иштта хІокху гІалахь йисначу кхийолчу хІуманех лаьцна. (Уьш Набухди-Нецара ша яхІудхойн паччахьан ЯхІу-Якхаман кІант Яхун-ЯхІу а, ЯхІуд-махкара а, Ярушалаймера а цІеяхана болу массо а нах Бавеле дІабуьгучу хенахь цига дІа ца яьхьнера.) Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло Шен дезачу цІа чохь а, яхІудхойн паччахьан цІа чохь а, Ярушалайм-гІалахь а йисначу хІуманех лаьцна иштта боху: «Уьш Бавеле дІахьур ю, царна тидам бан беза Аса сацам бечу денна тІекхаччалц уьш цу гІалахь а хир ю, – боху Везачу Эло. – Цул тІаьхьа Аса оцу метте уьш юха йоуьйтур ю».
Выбор основного перевода