Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Паччахьан гІаролхойн хьаькамо коьрта динан да волу Сари-ЯхІу а, шолгІа динан да волу Цапни-ЯхІу а, Везачу Элан цІа чу воьдийла ларъеш волу кхо гІаролхо а йийсаре дІавигира. Цо элира: «Ва Исраилан халкъан Веза Дела! Я стигалахь, я лаьттахь вац Хьох тера волу Дела. Вайна юкъахь болу барт лар а беш, цунна Хьо тешаме хуьлу доггах Хьайна тІаьхьахІиттинчу Хьайн лешна. Ахь кхочушдина Хьайн лай волчу сан дена Даудана Айхьа делла дош. Ахьа иза Хьайн багара даьккхинера, ткъа тахана Хьайн куьйгаца кхочушдина. Ярми-ЯхІуга Везачу Элера хаам кхечира. Иза дара яхІудхойн паччахь волчу ЦІадукъ-ЯхІус и волчу Малки-ЯхІун кІант Пашихьур а, иштта МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а хІара хабар эцна вахийтинчу хенахь: «Исраилан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло иштта боху: „Ахьа дерриге а Исраилан халкъе а, иштта динан да волчу МаІсей-ЯхІун кІанте Цапни-ЯхІуга а, массо а кхиболчу динан дайшка а хьайгара кехаташ дахьийтира. Цу тІехь яздина дара: Везачу Элан цІа долчу далийра. Йигдал-ЯхІун кІант волчу а, Делан стаг волчу а Хьанан-пайхамаран мурдийн цІа чу балийра ас уьш. И чоь ЯхІуд-мехкан элий соцуш йолчу чоьнна уллохь а, иштта кевнан гІаролхо волчу Шалуман кІант МаІсей-ЯхІун чоьнна тІехула а яра. ЦІадукъ-ЯхІус Шалам-ЯхІун кІант ЯхІукал а, МаІсей-ЯхІун кІант динан да волу Цапни-ЯхІу а вахийтира Ярми-ЯхІу-пайхамар волчу дІаала: «Тхуна тІера доІа дехьа вайн Везачу Деле».
Выбор основного перевода