Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахьо ЯхІу-Яхина Бавеларчу набахтехь ткъе вуьрхІитта шо даьккхича, Авил-Мардуха иза набахтера аравалийтира. Иза хилира Авил-Мардух Бавелан паччахь хилла дІахІоьттинчу шеран шуьйтталгІачу беттан ткъе ворхІалгІачу дийнахь. Авил-Мардуха цуьнца бертахь къамел дора, ткъа Бавел-махкахь йийсарехь болчу кхиболчу паччахьийн ларамал цуьнан лекха ларам бира. ЯхІу-Яхинна пурба делира шена тІера тутмакхан духар дІадаккха. Дуьнен чохь ша мел йоккхучу йисинчу хенахь кест-кестта паччахьна уллохь яа хІума йоура цо. ЯхІу-Яхин дуьнен чуьра дІаваллалц, хІора дийнахь Бавелан паччахьо цунна мел оьшург а латтадора. «Дийна волчу Сох чІагІо йо Аса, – боху Везачу Эло, – яхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Якхаман кІант ЯхІу-Яхин, хьо Сан аьтту куьйган пІелгара мухІар хилча а, Аса хьо цу тІера схьа а ваьккхина, хьан са лоьхуш болчеран кара а дІалур ву, иштта хьо кхоьруш волчу бавелхойн паччахьан Набухди-Нецаран а, хашадхойн кара а дІалур ву. Аса хьо а, хьо вина йолу хьан нана а шу дуьнен чу девлла доцучу хийрачу махка кхуьссур ду, цигахь шу лийр ду. Хьуна хьайн махка юхаверза луур ду, амма хьо цига юхавоьрзур вац». ЯхІу-Яхин цІе йолу хІара стаг йохийна кхаба санна я цхьанна а ца оьшу кхаба санна ву те? ХІунда лаьллина те иза шен доьзалца царна бевзаш а боцучу хийрачу махка дІа? Ва ЯхІудан латта! Аса хьоьга чІогІа доьху, Везачу Элера болчу хІокху хааме ладогІа! Иштта боху Везачу Эло: «ДІаязде цу стагах лаьцна, тІаьхье йоцуш волчу стагах санна, шен дахарехь аьтто кхин хир боцучух санна, хІунда аьлча цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Дауд-паччахьан цІийнах ша хиларна, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дийр ду». И саннарш Эдомерчу а, Муаби-махкарчу а, Іамминарчу а, Цора-гІаларчу а, ЦІаданарчу а паччахьашна а дахьийта. Уьш Ярушалайме яхІудхойн паччахь ЦІадукъ-ЯхІу гархьама баьхкинчу векалшкахула дІадахьийта. Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецара, ЯхІу-Якхаман кІентан ЯхІу-Яхинан метта, ЯхІуд-махкахь паччахьалла дан Юши-ЯхІун кІант ЦІадукъ-ЯхІу охьахаийра. Кхо де даьлча, пирІуно хьо лаккха айина, хьалха хиллачу метте дІахІоттор ву. Ахьа, хьалха ма-баллара, пирІуне кад дІалур бу.
Выбор основного перевода