Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волу ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волу уьссалгІачу шеран уьтталгІачу баттахь Бавелан паччахь Набухди-Нецар, дерриг а шен эскар а далош, Ярушалаймана го а бина, дІахІоьттира. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу паччахьаллехь волчу цхьайтталгІачу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІачу дийнахь гІалин пенех мостагІаша Іуьрг даьккхира. Бавелан массо а мехкан баьччанаш, гІалина чу а баьхкина, Юккъерачу кевнна хьалха охьахевшира. Царна юкъахь Самгар-кІоштан куьйгалхо Нургал-Шар-Эцар а, тІеман коьрта хьаькам Сар-Сахим а, кхечу тайпана тІеман хьаькам Нургал-Шар-Эцар а, иштта массо а кхиболу Бавелан паччахьан баьччанаш а бара. ЯхІудхойн паччахь а, цуьнца болу тІемалой а, уьш шайна гича, буьйсанна гІалара ара а бевлла, бевдда дІабахара. Уьш, паччахьан бешахула, шина пенна юккъехь долчу кевнах чекх а бевлла, Іариба-тогІи йолчу дІабахара. Амма хашадхойн эскар царна тІаьхьаделира. Уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира Ерихонан аренашкахь. Иза, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Набухди-Нецарна тІевигира. Набухди-Нецар цу хенахь Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь вара. Цигахь цо ЦІадукъ-ЯхІуна кхел йира. Циггахь, Рабила-гІалахь, Бавелан паччахьо а ЦІадукъ-ЯхІуна хьалха цуьнан кІентий байира. Иштта ЯхІуд-махкара баьччанаш а байира цо. Ткъа ЦІадукъ-ЯхІу, бІаьргаш а баьхна, буржалш а тоьхна, Бавеле дІавига кечвира. Хашадхоша паччахьан цІа а, иштта Ярушалаймехь долу цІенош а дагийра, гІалин гонахара пенаш а охьаэгийра. ГІалахь бухадисина долу халкъ а, шегахьа бевлларш а паччахьан гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана Бавеле дІабигира. Шайн долахь цхьа а хІума а доцуш болчу къечу нахах цхьаберш гІаролхойн хьаькам волчу Набузар-Адана ЯхІуд-махкахь битира, царна кхаш а, кемсийн бошмаш а дІа а елла. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до уьссалгІа шо долуш, шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь, Бавел-мехкан паччахь Набухди-Нецар, шен дерриг эскар а эцна, Ярушалаймана тІамца тІевахара. ГІалина уллохь меттамотт дІа а хІоттийна, ерриг а гІалина гонах гунаш дира цо, иза схьаяккха кечам бархьама. ЦІадукъ-ЯхІус паччахьалла до цхьайтталгІа шо тІекхаччалц гІала го бина лаьттира. Цу шеран боьалгІачу беттан уьссалгІа де тІекхаьчча, дІахІоьттина мацалла гІалин бахархошна даа хІумма а ца дуьсуш чІогІа яра. МостагІчо гІалин пенах доккха Іуьрг даьккхича, Ярушалаймерчу берриг а тІемалоша дІабовда кечам бира. Хашадхой гІалина го бина лаьттинехь а, буьйсанна паччахьан бешана уллохь болчу шина пенна юккъехь долчу кевнехула массо а эскар гІали чуьра араделира. Иза дедда Іариба-тогІи чу дІадахара. ТІаккха хашадхойн эскар паччахьна тІаьхьаделира. Ерихон-гІалин аренашкахь уьш ЦІадукъ-ЯхІуна тІаьхьакхиира. Ткъа паччахьан эскарера массо а тІемало цунна уллора дІасаведира. ЦІадукъ-ЯхІу, схьа а лаьцна, Бавелан паччахь волчу Рабила-гІала схьавалийра. Цигахь цунна кхел йира. ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бІаьрг а баьккхина, цІестан буржалш а тоьхна, Бавеле дІавигира. Хьажахьа, мостагІаша гІалина гонах, латта хьала а тесна, гунаш дина, шайна иза схьаяккха атта хилийта. Туьро а, мацалло а, Іожаллин уьно а гІалина тІелеташ болчу хашадхойн кара дІадолуьйтур ду цуьнан халкъ. Веза Эла, Ахьа аьлларг хуьлуш лаьтташ ду, иза Хьуна гуш а ду. Халкъ Бавеле дІадигначул тІаьхьа уьссалгІачу шеран уьтталгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь соьга Везачу Элан дош кхечира: «Адаман кІант! ДІаязде хьайна хІара де а, хІунда аьлча кху дийнахь Бавелан паччахьан эскаро Ярушалаймана го бина.
Выбор основного перевода