Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Уьш берриш а паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана Бавелан паччахьна тІе Рабила-гІала дІабигира. Хьамат-гІалин махкахь йолчу Рабила-гІалахь Бавелан паччахьо, уьш байа аьлла, омра дира. Иштта яхІудхой шайн махкара йийсаре дІабигира. Паччахь схьа а лаьцна, цара иза Бавелан паччахь волчу схьавалийра Хьамат-махкахь йолчу Рабила-гІала. Цигахь цунна кхел йира. Набухди-Нецара паччахьалла дечу ткъайоьсналгІачу шеран пхоьалгІачу беттан уьтталгІачу дийнахь паччахьан гІаролхойн хьаькам волу а, Бавелан паччахьан ялхо волу а Набузар-Адан Ярушалайме веара. Паччахьан гІаролхойн хьаькамо Набузар-Адана уггар къечарах болу цхьаберш а, Ярушалаймехь дисина кхидолу халкъ а, говза гІишлош йийраш а, Бавелан паччахьан агІор бевлларш а йийсаре дІабигира. Амма къечу нахана юкъара цхьадолу адамаш цо цу махкахь дитира, цаьрга кемсийн бошмашкахь а, кхашкахь а болх байтархьама.
Выбор основного перевода