Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Везачу Эло элира: «Ас ЯхІудан халкъ юхатоттур ду Сайна дуьхьалара, Айса юхатеттина Исраилан халкъ санна. Иштта Айса къастийна йолу Ярушалайм а, хІара Сан цІа а, Ас шех лаьцна: „Сан цІе хир ю цу чохь“ – аьлла долу, дІатоттур ду Ас Сайна хьалхара». Декъаза ву шен паччахьан цІенош хьарамлонца дийриг, цІенойн лакхара чоьнаш харцонца йийриг, шен махкахошка маьхза къахьоьгуьйтург, цара бинчу балхана алапа ца лург. Цо боху: «Аса сайна доккха цІа дийр ду, шена чохь паргІат чоьнаш а йолуш». Цо даккхий кораш а доху, пенаш баганан дечигца кечдо, царна цІен басар а хьокху. Кхечарал айхьа баганан диттах дико чоьнаш кечйича, хьо паччахь хир ву моьтту хир ду хьуна? Хьан ден, кхечеран санна, даар-малар дара, амма цо нийсо а, бакъдерг а лелайора, ткъа цундела цуьнан аьтто хуьлура. Къен а, миска а волчун гІуллакх цо нийсонца къастадора. Цундела иза дика вехаш вара. Иза дац те Со вовзар? – боху Везачу Эло. – Амма хьан бІаьргаш а, дог а харцахьа хьайна са яккха а, бехк боцучеран цІий Іано а, нахана гІело а, ницкъ бан а бен тІедерзийна дац. Цундела Везачу Эло яхІудхойн паччахь волчу Юши-ЯхІун кІантах ЯхІу-Якхамах лаьцна иштта боху: «Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан ваша! Маржа-яІ сан йиша!“ Цхьаммо а, цунна тийжаш, эр дац: „Маржа-яІ сан олахо! Маржа-яІ сан паччахь!“ Цундела иштта боху Везачу Эло ЯхІу-Якхамах лаьцна: ‘Цуьнан тІаьхьенах цхьаммо а, Даудан тІаьхьенах волчо санна, паччахьалла дийр дац. Цуьнан дакъа дийнахь хуьлучу йовхоне а, буьйсанна хуьлучу шелоне а охьакхуссур ду. Ас таІзар дийр ду ЯхІу-Якхамна а, цуьнан тІаьхьенна а, иштта цуьнан ялхошна а цара лелийна харцо бахьана долуш. Ас царна а, Ярушалаймерчу бахархошна а, иштта ЯхІуд-махкарчу нахана а Айса мел бийр бу аьлла болу бохамаш бийр бу’“».
Выбор основного перевода