Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Иеремия
Параллельные места
Хашадхоша Делан цІа дагийра, гІалин гонахара пен а охьабожийра. ГІалахь мел долу паччахьан цІа а дагийра, царна чохь деза мел долу хІума а хІаллакдира цара. Хашадхоша паччахьан цІа а, иштта Ярушалаймехь долу цІенош а дагийра, гІалин гонахара пенаш а охьаэгийра. qac Жqac*ирга а хетта, Шен сагІа доккху кхерч юха а тоттуш, Хьалдолу Эла Шен цІийнах дІавирзи. Цуьнан дерриш а пенаш мостагІийн кара Цо дахийти. Дезачу дийнахь айдеш санна, цара аьзнаш айади. Везачу Элан цІа чохь цара йоккха гІовгІа ма яьккхи. Цундела шу бахьана долуш Цийон-лам, аре санна, охур бу, ткъа Ярушалаймах тІулгийн оьла хир ю, Делан цІа тІехь лаьттинчу лам тІе хьун ер ю.
Выбор основного перевода