Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен куьг дІа а дахийтина, иза сан бетах хьакхадалийтира Везачу Эло. Цо элира: «ХІинца Сайн дешнаш хьан бага дехки Ас. Билггал хаа ду хьуна, тахана Аса хьо дІахІоттий халкъашка а, пачхьалкхашка а Сан цІарах вистхила. Ахьа дІахьедийр ду, уьш орамашца бухдаьхна а, дохийна а хир ду аьлла, уьш хІаллакдина а, дІадаьхна а хир ду аьлла, уьш юхаметтахІиттийна а, юхадоьгІна а хир ду аьлла». Соьгара болу хаам цІе санна бу, – боху Везачу Эло, – иза тарх йохош йолу варзап санна бу. Цу дийнахь Ас ЯхІудан куьйгалхой дечигашна юккъерачу суйх а, цІевнийн юккъерачу хаьштигех а тарбийр бу. Цара гонах мел долу халкъаш аьтту а, аьрру а агІор а дІакхоллур ду, ткъа шаьш Іийначу Ярушалайм-гІалахь адамаш кхидІа а маьрша дехаш хир ду. Нагахь цу шина тешана цхьанна зулам дан лаахь, церан багара араяьллачу цІаро мостагІий дІакхоллур бу. Муьлхха а цу шинна зулам дан лиънарг цу тайпана хІаллакван везаш ву.
Выбор основного перевода