Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна кхидІа а хІунда таІзар дан деза? Шу кхидІа а хІунда дуьхьалдовлу? Берриг а корта цамгар кхетта бу, дерриг а дог гІелделла ду. Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тІе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо. Суна хаьара, хьо къар ца луш дуйла а, хьан вортана тІера пхенаш аьчка а, хьаж цІестан дуйла а. Шун къомана Ас таІзар дар эрна хилла, исраилхой, хІунда аьлча наха шаьш нис ца байтина. Цоьстучу лоьмо санна, аша таррашца шайн пайхамарш хІаллакбина». Амма шун дайша Соьга ла а ца дугІура, Сох тидам а ца бора. Цара шайн юхахьараллица церан дайша чул а дукха вон лелийра. Цундела ахьа ала деза: „ХІара къам – шен Везачу Делан озе ла ца дугІуш долу къам ду, иштта цо ша нис ца дойту. Тешаме хилар къомана юкъахь кхин ца хуьлу – цунах лаьцна цхьа а вист а ца хуьлу“». «Иштта боху массо а ницкъийн Веза Эла волчу Исраилан Дала: „Хьовсал, хІокху гІалина а, цунна гонах йолчу ярташна а Аса хьалха аьлла болу массо а бохамаш бийр бу, хІунда аьлча уьш бухахьа а бевлира, Сан дешнашка царна ладогІа а ца лиира“». Делан озе ла ца дугІу цо, ша нисъяйтар тІе ца оьцу. Иза Везачу Элана тІе ца тевжа, шен Далла юххе ца гІерта.
Выбор основного перевода