Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевеана стаг ваца а ма ве, цунна ницкъ а ма бе, хІунда аьлча шу а дара Мисар-махкахь тІедаьхкина Іаш. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Хьан баьччанаш, дуьхьал а бевлла, къуйн декъахой хилла. Царна массарна а кхаьънаш деза, лучу хІуманна тІаьхьабевлла лела уьш. Кхелахошна хьалха байш ца лардо цара, йисина Іачу зудчун гІуллакх цара къаста ца до. Хьо акха виркхел санна ю, яьссачу аренгахь Іан Іемина йолу, шен хьайна хиларехь мерІуьргашца хІаваъ муьйлуш йолу. Хьаьнга юхаозалур ю иза, сел чІогІа лууш хилча? Иза оьшуш мел йолчу виро ша кІадъян ца еза – оре еанчу хенахь иза атта карор ю. тІебаьхкина болчу нахана гІело а ца еш, байшна а, бисина Іаш болчу зударшна а гІело а ца еш, бехк боцучеран цІий а ца Іанош, шайна бала бахьар болчу харцделанашна тІаьхьа а ца хІуьттуш шу лелахь, Йисинчу зудчунна а, бо берана а, тІевеанчунна а, мискачунна а гІело ма елаш. Шайн даг чу вовшашна дуьхьал зулам дар дага ма тасийталаш“.
Выбор основного перевода