Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шитим олучу меттехь шаьш меттамотт хІоттийна Іаш болчу хенахь, исраилхой муабахойн зударшца лела буьйлабелира. Муабахойн зударша шайн цІушна лерина хІитточу сагІанийн тойнашка исраилхой кхойкхура. Исраилхоша цаьрца цхьаьна сагІина деанарг а доура, церан цІушна Іибадат а дора. Иштта, цигахь БаІал-ПаІор цІе йолчу цІунна Іамал ян буьйлабелира исраилхой. ТІаккха Веза Эла чІогІа дарвелира Исраилан халкъана. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. Шайна юкъахь дисинчу халкъех дІа ма э, церан деланашка а ма кхайкха, цу деланийн цІарах чІагІонаш а ма е, царна гІуллакх а, Іибадат а ма де. Къоланаш а деш, нах а бойуш, нахаца а лелаш, харц йолу чІагІо а еш, хьалххе шайна бевзина боцучу БаІална а, кхечу харцделанашна а суждане а оьхуш, лелаш ма ду шу. Яьссачу арахь буьйса яккха меттиг сан долахь хилла елара. Сайн къам дуьтур дара аса, сайн халкъ долчуьра со дІагІур вара, уьш массо а тешаме боцу дела – ямартчу нехан тоба ю уьш! Далла тешаме боцучарах мохк буьзна. Церан дахар вочунна тІедирзина ду, цара харцонца нахана шайн ницкъ бо. Везачу Элан неІалт хилар бахьана долуш, латта тийжаш ду, яьссачу аренгахь йолу дежийлаш якъаелла Іохкуш ю. Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора. Тхевнна тІе хьала а ваьлла, стигалшкахь мел болчу ницкъашна сужда ваханарг хІорра а хІаллаквина дІавоккхур ву Ас. Веза Эла волчу Суна Іибадат а деш, тешаме хила чІагІо а еш, амма шайн паччахьах чІагІонаш йийраш а хІаллакбина дІабохур бу Ас. ХІетахь, Дела шайна ца вевза дела, шу баккъалла а деланаш боцучеран долахь дара.
Выбор основного перевода